Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен тешам эзарнаш тІаьхьенашкахь латтош волу а, зуламна а, харцонна а, къинна а гечдеш волу а, амма бехк бекхам ца беш ца буьтуш волу а, дайша латийначу къинна берашна а, берийн берашна а кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенехь таІзар деш волу а». доьху Хьоьга, Хьо Іаш волчу стигалшкахь, цуьнан доІа дІахазий, гечдехьа цунна, гІо дехьа. Хьуна цхьанна хаьа-кх хІора адаман дагахь дерг. Цундела доьху Хьоьга, хІора стагана а доггІург цуьнан гІуллакхашка хьаьжжина дехьа. Дехьа иза массо а адам Хьох кхерийтархьама, Ахьа тхан дайшна деллачу кху лаьттахь тхо мел деха. Іесачо шен некъ буьтийла, ткъа къинош летийначо – шен ойланаш. Везачу Элана тІевоьрзийла иза – Цо цунах къинхетам бийр бу – Вайн Далла тІе, хІунда аьлча Цо комаьршаллица нахана гечдийр ду. Суна дуьхьал цара мел летийначу къинойх Аса цІандийр ду уьш, ткъа Сайна дуьхьалбовларца цара мел лелийнарг Аса царна гечдийр ду. Ярушалайм-гІалано дуьненан массо а къаьмнашна хьалха Суна гІарадаккхар а, хазахетар а, хастам а, сий а доккхур ду, Айса цунна мел дина дика царна хезча. Ларамах а буьзна, уьш бегош хир бу, Аса цунна ден долу дика а, аьтто а шайна дІагича“». Ткъа тхан Хьалдолу Дела къинхетаме а ву, гечдеш а ву, Шена дуьхьал тхо эргІаддевллехь а. Іийсас, Шен цІий Іанорца мах а белла, вай паргІат а даьхна, вайн къиношна геч а дина. Ткъа иза Дала вайна шортта деллачу дикане хьаьжжина ду.
Выбор основного перевода