Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь Везачу Эло исраилхой мисархойх кІелхьарбехира. ТІаьхьо исраилхошна хІордан берда тІехь мисархойн декъий гира. Хьо дика а ву, гечдан кийча а ву, Хьалдолу Эла, Хьайга кхойкхучаьрца массаьрца а бу Хьан хедар боцу безам. Амма, Хьалдолу Эла, Хьо дика а, къинхетаме а, атта оьгІаз ца воьдуш а, тешаме а, боккха безам болуш а ву. qac Тqac*утмакхаш болчуьра паргІатдаккхина Цо Шен халкъ, хІоттийна Цо абаденналц Ша бина барт. Цуьнан цІе еза а, ларамах бузуьйтуш а ю! Ва Исраилан халкъ, Везачу Элах дегайовхо йолуш хуьлийла хьо хІинца дуьйна тІейогІу йолчу массо а хенахь. Іесачо шен некъ буьтийла, ткъа къинош летийначо – шен ойланаш. Везачу Элана тІевоьрзийла иза – Цо цунах къинхетам бийр бу – Вайн Далла тІе, хІунда аьлча Цо комаьршаллица нахана гечдийр ду. «Цийонна а, зулам лелорна тІера дІайирзинчу Якъубан тІаьхьенах болчарна а ПаргІатбохург вогІур ву, – боху Везачу Эло. –
Выбор основного перевода