Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь цунна Цуьнца къовсавала лаахь, эзар хаттарна юккъера цхьанна а адаме жоп далалур дац. Аса къа латийча, Ахь цуьнан тидам бийр бара, аса латийнарг таІзар доцуш дуьтур а дацара. Массо а нах Хьох кхоьруш латта беза, Дела. Хьуна хьалха мила латталур ву, Хьо оьгІазвахча. Хьайн лай волу со кхеле ма вигалахь, хІунда аьлча дуьнен чохь вехарг цхьа а Хьуна хьалха бакъ вац. Мила латталур ву, Иза эргІадвахча? Хьан ловр ю Цуьнан чІогІа йолу оьгІазалла? Цуьнан дералла яьлла цІе санна хиларна, тархех Цунна хьалха чан хуьлу. Хьаьнга лалур ду те Иза схьавогІу де? Мила латталур ву, Иза схьавеача? ХІунда аьлча Иза дерриге а лалош йолу цІе санна а, дерриге а цІандеш долу саба санна а ву. Цара таІзар даран къематде тІедеана. Иза хьаьнга лалур ду те?»
Выбор основного перевода