Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн лаамца къинхетам бехьа Цийон-гІопах, Ярушалайман пенаш ирахІиттадехьа. Даккхийдейша Ярушалаймаца, цунах самукъадалий хилийша, иза езаш долу шу массо а! Даккхийдейша цуьнца хІинца шу массо а, цунах доьлхуш хилларш! Аса шаьш дІадахийтина йолчу гІалин машар а, беркат а совдаккха гІерта, и гІала Везачу Эле йоьхуш доІанаш а де, хІунда аьлча цу гІалахь беркат хилча, шуна а беркат хир ду“. «Туьрах кІелхьардевлларш, шу Бавелера сихха, ца соьцуш, дІадаха деза. Шаьш геннахь долуш, Веза Эла шайна дагаваийта, Ярушалайм а шайн даг чохь хилийта». Ва боккха лам, хьо хІун ю? Зурбабелана хьалха хьох шера аре хир ма ю! Цо тІаьххьара тІулг буьллучу хенахь, наха гІовгІа йоккхур ю: ‘Далла бу хастам! Цуьнан дикачун дуьхьа ду иза!’ – бохуш“».
Выбор основного перевода