Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна цхьа къовсаме долу гІуллакх цхьалхадаккха шайна хала делахь, – и гІуллакх цІий Іанорах лаьцна, девнах лаьцна, я чов ярх лаьцна делахь, – шун гІаланашкара нах берриш а цхьатерра реза бацахь, хьала а гІовттий, шайн Везачу Дала къастор йолчу оцу метте дІагІо. Цкъа, Сулим-паччахьна тІе а еана, цунна хьалха дІахІоьттира нахаца лела ши зуда. Цу шиннах цхьаммо элира: «Сан олахо, со а, хІара зуда а цхьана цІа чохь Іаш ю. ХІара зуда а йолуш, аса оцу цІенна тІехь бер динера. Ас бер дина кхоалгІачу дийнахь хІокху зудчун а бер хилира. Оцу цІахь тхойшиъ йоцург кхин цхьа а адам дацара. Буса хІокху зудчун кІант, хІара цунна тІетовжар бахьана долуш, велира. Ткъа буьйсанна, хьан лай йолчу суна наб кхеттачул тІаьхьа, сан кІант дІа а эцна, иза шен некхана тІе а виллина, шен велла волу кІант сан некхана тІе виллина цо. Іуьйранна, сайн кІант вакхо со хьалагІаьттича, иза велла карийра суна. Амма дикка цуьнга хьаьжча, иза аса вина сайн кІант воцийла а хиира суна». ТІаккха вукху зудчо элира: «ХІан-хІа, сан кІант дийнаниг ву, ткъа хьайниг велларг ву». Ткъа дуьххьарлерчу зудчо бохура: «ХІан-хІа, хьайниг ву велларг, дийнаниг сан кІант ву». Иштта паччахьна хьалха къуьйсуш яра и ши зуда. ТІаккха паччахьо элира: «Шу шиннах хІораммо а боху дийна долу бер шен ду, тІаккха шух хІораммо а боху делларг шен бер дац. Схьадал суна тур», – элира паччахьо. Тур схьадеара паччахьна. «Вай хІинца хІара дийр ду, – элира паччахьо, – и дийна долу бер хада а дай, ах а даккхий, цунах ши дакъа де. ТІаккха хІора зудчунна цхьацца дакъа дІало». ТІаккха далаза бер долчу зудчун, шен кІанте болчу безамна а, цунах чІогІа къахетарна а, кийра багийра. Оцу зудчо жоп делира: «Сан олахо! Ма дейша и бер, иза дийна а долуш дІалойша оцу зудчунна». Ткъа шолгІачу зудчо элира: «Я суна а, я цунна а ма кхочийла и кІант. Вей, дІаваккха аша иза!» ТІаккха, жоп луш, паччахьо элира: «И бер, ден а ца дуьйш, хІокху зудчунна дІало аш. ХІара ю кху кІентан нана!» Паччахьо йинчу кхелах лаьцна Исраил-мехкан дерриг а халкъана дІахезира. Цу хенахь дуьйна наха Сулим-паччахь чІогІа лара а лорура, уьш цунах оза а лора. ХІунда аьлча нахана гира, бакъдолчуьнца паччахьалла лелорхьама, Дала Сулим-паччахьна хьекъал деллийла. Къаьстина кхин цхьа чоь яра Сулим-паччахьан, цу чохь паччахьан деза гІант дара хІоттийна. Оцу чоьнах «кхел еш йолу чоь» олура, хІунда аьлча цу чохь адамашна кхел йора Сулим-паччахьо. Оцу чуьра цІенкъа а баганан диттан аннех яра. Ярушалаймехь а левихойх а, динан дайх а, исраилхойн доьзалийн баьччанех а болу цхьаболу нах Везачу Элан йолчу кхеле а, гІалин бахархойн къовсамехь йолчу кхеле а озорна долчу гІуллакхашка дІахІиттийра ЯхІушаптис. ЯхІудхойн паччахьан цІийнах лаьцна Везачу Эло суна тІедиллира иштта дІаала аьлла: «Везачу Элера болчу хааме ладогІа! Даудан тІаьхье! Везачу Эло иштта боху: хІора дийнахь кхел е, гІело хуьлуш верг цуьнан мостагІчух кІелхьар а воккхуш. Иза аша ца дахь, Сан дералла, цІе санна, летар ю, аша лелош долу вониг бахьана долуш. Сан оьгІазалла йогуш хир ю цхьаьнгге а дІаяйалур йоцучу тайпана.
Выбор основного перевода