Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауд цу гІопа чохь ваха хиира, цуьнан цІе, «Даудан гІала» аьлла, тиллира. Цо гІалина гонах долчу лаьтта тІехь гІишлош дІахІиттийра. Цо Милло олучу гу тІера дуьйна дІахІиттийнера уьш. Ткъа хІинца Ярушалайм-гІала схьахаьржина Аса, Сайн цІе язъян лерина цІа цигахь хилийта, ткъа Дауд хаьржина Аса, Сайн Исраилан халкъана тІехь олалла дайта“. Цуьнан арахула йолчу чІагІонийн тидам бе, дикка хьажа цунна чохь йолчу гІепашка, царах лаьцна дийцархьама хинйолчу тІаьхьенашка: Аса юха а меттахІоттор ду хьо, йоІстаг санна долу Исраилан халкъ, хьо юхаметтахІоттийна а хир ду. Ахь юха а жиргІанаш еттар ю, самукъане хелхар а деш, хьо лелар ду.
Выбор основного перевода