Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуккха а халкъаш тІедогІур ду. Цара эр ду: «Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тІе а, Якъубан Делан цІа долчу а хьаладевр ду. Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду. ТІаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду». ХІунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тІера схьабер бу, ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду. Цхьа де догІур ду, гІаролхоша Эпрайм-лаьмнашкара дІакхайкхор деш: „ХьалагІовтта, вайн Веза Дела волчу, Цийон-лам тІе хьаладевр ду вай“». Цхьана гІалин бахархоша, вукху гІалин бахархошна тІе а баьхкина, эр ду: ‘Дуьйло, Веза Эла вайца дика хилар деха а, массо а ницкъийн Веза Эла лаха а гІо вай. Со а воьду цига’, – аьлла.
Выбор основного перевода