Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ИбрахІим къена воллушехь, Сарата, доьзалхочух а хилла, цунна кІант вира. Дерриг а Дала аьллачу хенахь хилира. Дукха хан ялале иза берах хилира. Шен зама тІекхаьчча, цо кІант вира, цуьнан цІе Шамъал аьлла тиллира (иза «Далла хезна» бохург ду). И цІе цунна тиллар и кІант Хьаната Деле вехар дара. Буьзна хилларш, леш санна, къахьоьгуш бу, меца лелларш, буьзна, садоІуш бу. Бер ца хуьлуш йолчо ворхІазза бер до, ткъа дукха кІентий болуш хилларг синца эшна ю. Цхьа бисинарш а Дала хІусамаш чу дІатарбо. Тутмакхаш а Дала буржалех паргІатбоху. Ткъа Цунна муьтІахь боцурш яьссачу екъачу арахь ма буьсу. «Мохь хьекха, бер ца хуьлуш ерг, цкъа а бер хилла а йоцург! Хазахетаран цІогІа тоха, мохь хьекха, бер хуьлуш лазарша ца хьийзийнарг, хІунда аьлча йитинчун бераш сов ду, майра волуш йолчун чул», – боху Везачу Эло. Хан тІекхаьчча, Элисата кІант вира. Лулахой а, гергарнаш а, ла а дугІуш, Везачу Эло цунна и дика болх барна, Элисатца цхьаьна хазахеташ, баккхийбеш бара.
Выбор основного перевода