Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло къен верг чена юккъера хьалаайаво, овкъарш юккъера мисканиг схьавоккху. Иза хьалдолчаьрца нийсса дІахІоттаво, цаьрга паччахьаллин сийнна шерет дойту. Дуьненан бух Везачу Элан ма бу, цу тІехь Латта ДІахІоттийнарг а Иза ву. Юшайс кІант схьавалавайта бахийтира. Иза хьаьрса а волуш, хаза ши бІаьрг а болуш, юьхь тІера чІогІа товш кІант вара. Везачу Эло элира: «Хьала а гІаттий, иза къобалве. Аса вуьйцург ву хьуна иза». Иштта, Везачу Эло БаІшех лаьцна ЯхІу-пайхамарехула аьлла ма-хиллара, Зимари-паччахьо БаІшин цІа хІаллакдинера. Шен лаамехь волчунах бІаьрг ца бадабо Цо, ткъа паччахьашка санна цуьнга олалла дойту, лекхачу даржехь иза хилийтархьама. Амма къен стаг Цо гІелонах схьа а воккху, цуьнан тІаьхьенаш, жа санна, деба а йо.
Выбор основного перевода