Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Дела, лаьттан йистошка кхаччалц йоккхуш йолу Хьан цІе санна бу Хьуна бо хастамаш. Хьан аьтту куьг ду нийсонах дуьзна. Асайпан назма. Деланийн Дела волчу Везачу Эло Шена тІекхойкху малхбалера дуьйна малхбузе кхаччалц долу дерриге а латта. Малхбузехь Везачу Элан цІарах нах кхералур бу, ткъа малхбалехь – Цуьнан сийлаллех. Сиха догІу хи санна, схьавогІур ву Иза, Везачу Элан хІоно дІаэккхош волу. Малх гучуболучуьра малх дІабузучу кхаччалц сийлахь хир ю халкъашна юкъахь Сан цІе. Муьлххачу а меттехь Суна лерина хаза хьожа йогІу хІуманаш а, цІена долу сагІанаш а дохур ду. Сийлахь хир ю Сан цІе халкъашна юкъахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. –
Выбор основного перевода