Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла Шен дезачу цІа чохь ву, Цуьнан Іарш стигалшкахь ю. Цуьнан бІаьргаш массо а стаге хьоьжу, дІабиллинчу бІаьргашца Цо адамаш толлу. Аса даггара эр ду: «Мила ву, Веза Эла, Хьох тера?» Хьо ма ву гІийланиг ницкъболчух ларвийриг, къениг а, мисканиг а талорхойх ларвийриг. ХІунда аьлча мила ву стигалшкахь Везачу Элаца нисвала? Мила ву стигалан бахархошна юкъахь Везачу Элаца нисвала? Стигалшкахь дІахІоттийна Везачу Эло Шен олаллин гІант. Олалла до Цо доллучу хІуманна а тІехь. Лохьа суна, Веза Эла, Айхьа лур ду аьлларг, Хьан безаман доза ма дац. Хьайн куьйго кхоьллинарг ма дитахьа, Веза Эла! ХІунда аьлча иштта боху Лекхачо а, Лакхаваьккхинчо а, абаденналц Вехаш Волчо а – Везаниг ю Цуьнан цІе: «Со лекхачу а, езачу а меттехь Іаш ву. Дог доьхнарш а, синца муьтІахь берш а бу Соьца. Ас синца муьтІахь болчеран са метта а далор ду, дог доьхначеран дог метта а далор ду. хІунда аьлча Цуьнан лай йолчу сан кІезиг хиларан тидам бина Цо! ХІинца массо а тІаьхьенаша сох декъалниг эр ду,
Выбор основного перевода