Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Шен дераллица уьш чІогІа кхерийна, Цо, оьгІаз а вахана, цаьрга дІахьедийр ду: Ларийша кІант, Иза оьгІаз ца вахийтархьама а, шаьш хІаллак ца дайтархьама а шайн новкъахь. Цуьнан оьгІазвахар цІеххьана чІагІлур ду. Декъала бу Цуьнга шаьш ларбойтурш массо а! Цу дийнахь Везачу Эло жоьпе озор бу лакхахь болу Шена дуьхьалбевлла стигалара ницкъаш а, лахахь болу лаьттара паччахьаш а. Амма хьайн юхахьарачу амалца а, дохко ца долучу дагца а ахьа-айхьа хьайна таІзарш гулдо Делан оьгІазло а, Цуьнан бакъйолу кхел а гучуйоккхучу денна. Къаьмнаш дарделла дІахІиттира, амма хІинца Хьан оьгІазло а тІееана, Ахь беллачарна тІехь кхел ен хан а тІекхаьчна. Ахьа Хьайн ялхой болчу пайхамаршна а, Хьан долахь болчарна а, Хьо лоруш болчарна а, лараме боцучарна а, цІеяхана болчарна а хьакъ дерг дІало хан а тІееана. Латта хІаллакдеш берш хІаллакбо хан а тІееана!»
Выбор основного перевода