Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала Ша эгор ду мостагІийн кортош а, харцонаш лелочийн юькъа месаш йолу хьеш а. qac Мqac*асех кхидолчу къаьмнийн латтанаш царна дІа а делла, ницкъ Шен мел бу дІагайтина Цо Шен къомана. Цо къаьмнашна юкъахь маслаІат дийр ду, дукхачу халкъашна юкъара къовсамаш совцор бу. ТІаккха цара шайн таррех хьонхалш бийр бу, ткъа гоьмукъех маьрсаш дийр ду. Цхьана халкъо вукху халкъана тІе тур ойур дац. Уьш тІом бан кхин Іемар бац. Арабевлча, царна Суна дуьхьалбевллачу нехан декъий гур ду: уьш бууш болу нІаьна а лийр бац, уьш багош йолу цІе дІа а йойур яц. Массо а адамна дегаза хетар бу уьш». И гІовгІа дуьненан массо а йистошка дІакхочу, хІунда аьлча Везачу Эло къаьмнаш бехкедийр ду. Цо массо а нах кхеле озор бу, ткъа Іесанаш Цо туьре дІалур бу“, – боху Везачу Эло». «Иракара а хІиттина, къаьмнаш ЯхІушапти-тогІи чу догІийла: Со циггахь охьахуур ву, гонахарчу массо а халкъашна кхел ярхьама. Уьш жинийн синош дара. Цара тамашийна хІуманаш дора. И жинаш дерриг а дуьнен чуьра паччахьашна тІе дахара, массо а ницкъийн Делан сийлахьчу дийнахь уьш тІаме схьагулбархьама. Суна гира дІаеллаелла стигал. Цигахь лаьтташ кІайн дин бара. Цу тІе хиъна Волчух тешаме Верг а, билггал волу бакъ Верг а олу. Цо кхел яр а, тІом бар а нийсонца леладо.
Выбор основного перевода