Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Воккхачу Делан динан да волу Шалейм-гІалин паччахь Малки-ЦІадакъа велира, бепиг а, чагІар а эцна, Ибрамна дуьхьал. Дела адам дац, Цо аьшпаш ца бутту. Иза адамех схьаваьлла вац, Цо Шена дагадеанарг ца хуьйцу. Ша йинчу чІагІонца ца лела ткъа Иза? Ша дийр ду аьлларг кхочушдийр дац ткъа Цо? Везачу Элан цІа дІахІоттон верг иза хир ву. Паччахьан сийлалла тІеоьцун верг а иза хир ву, паччахьан гІанта тІехь олалла а дийр ду цо. Цуьнан паччахьан гІанта уллохь коьрта динан да хир ву, ткъа цунна а, вукхунна а юкъахь барт а, машар а лаьттар бу“. Делан Йозанийн кхечу меттехь Дала боху: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦІадакъин даржехь». Малки-ЦІадакъин даржехь волу динан коьрта да ву аьлла, дІакхайкхийра Иза Дала. Цундела Дала а дуй биъна, Шен лаам хийцалур боцийла Ша ваІда динарг кхочун долчарна дІахаийта лууш. Дала ваІда а дина, Цо дуй а биъна. И ши хІума хийцалур доцуш ду, Дала харцдерг дийца йиш йоцу дела. Цундела Дела волчу девдда дІадахана долу вай чІогІа иракарахІиттийна ду, Дала вайна еллачу дегайовхонна тІехь латтархьама. И дегайовхо вайн синна онда а, тешаме а зІе ю. Делан стигалийн цІа чохь йолчу кирхьанна тІехьа дІайоьду иза. Оцу езачу меттиге вайл хьалха Іийса вахана, Малки-ЦІадакъин даржехь гуттаренна а динан коьрта да а хилла. Левин тІаьхьенах болчу динан дайшкахула халкъо кхачамалла схьаоьцуш хилча (ткъа цуьнга хьаьжжина, товрат-хьехамаш халкъана дІабелла), Малки-ЦІадакъин даржехь кхин динан да стенна оьшура, АхІаронан даржехь а ца хуьлуш? Иза кхин а чІогІа билгалдолу, Малки-ЦІадакъин даржехь кхин динан да гучуваьлча. Іийса чІагІо ярца хилла, Цунах лаьцна иштта олуш хилча: «Везачу Эло чІагІо йина, ткъа цунна тІера юха ца волу Иза: „Гуттаренна а динан да ву Хьо“».
Выбор основного перевода