Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Псалтирь
Параллельные места
Веза Эла хьекъал долуш а ву, Цуьнгахь ницкъ а бу, Цунна дуьхьал а ваьлла, зен ца хуьлуш виснарг мила ву? ЦІеххьана Цо лаьмнаш меттахдоху, Шен оьгІазаллехь уьш харца а до. Цо латта меттах а доккху, цуьнан баххаш дега а до. Цо омра дича, малх а схьакхетар бац, Цуьнан седарчий дІакъовла а таро ю. qac Лqac*еррина хьоьжу Веза Эла цІена лелачийн хьашташка, царна кхаьчна мел дерг абаденналц лаьттар ду. Веза Эла ма дика ву. Бохам тІебеача, Иза дІалочкъийла ву. Шех бІобулучарна Іуналла до Цо. Со дика Іу ву, цундела Суна сайнаш а бевза, сайчарна Со а вевза. Делахь а Дала дІахІоттийна болу онда бух чІогІа лаьтташ бу. Цунна тІе дІаяздина хІара дешнаш ду: «Везачу Элана бевза Шен долахь берш». Кхин а боху: «ХІора а, ша Везачу Элан ву бохург, зуламах къахка веза».
Выбор основного перевода