Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Псалтирь
Параллельные места
ДІаязде уьш шайн неІсагІанаш тІе, шайн кевнаш тІе». Деша хІара хьехаман тептар массо а хенахь. Дийнахь а, буса а Іамаде иза, кху тІехь яздинарг нийсса кхочушдархьама. ТІаккха айхьа дечу гІуллакх тІехь чІогІа аьтто хуьлуш а, чІогІа беркат долуш а хир ву хьо. qac Аqac*дамаш декъала хуьлу цІеначу некъаца лелча, Везачу Элан товрат-хьехам тІехь а лаьтташ. qac Дqac*аккхахьа сан са Хьайн весетийн новкъа, хІунда аьлча царах ас марзо оьцу. qac Еqac*рриг а сан ойланашца суна уьш дезарна, Хьан весетех сакъералуш ма ву со. qac Оqac*ццул дика болу Хьан товрат-хьехам ма беза суна! Дийнан дохаллехь цунах лаьцна ойла еш ву со. Ткъа суна чохь долчу адамна Делан хьехамийн Іедалца хазахетар карадо. Ва сонта галатахой! Хьан тилийна те шу? Аса хаза кхаъ хьоьхучу хенахь Дала леррина Къобалвинарг жІарах дІатохаран сурт ма-хІуттура шун бІаьргашна дуьхьал! Цхьа хІума хаа лаьа суна шуьгара: товрат-хьехамашна тІера гІуллакхаш кхочушдарна делла те шуна Делан Са, я хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна делла те Иза? Оццул сонта ду те шу, шаьш Делан Синца долийна дахар адаман шен ницкъах тешна чекхдаккхал? Аша мел хьегна баланаш эрна хилла те? Со тешна ву и дерриг а эрна хилла ца хиларх! Шен Са а, шуна юкъахь дина Іаламаташ а, аша товрат-хьехамашна тІера гІуллакхаш кхочушдарна луш ду шуна Дала, Цуьнгара болу хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна а доцуш?! Делан Йозанаш тІехь ИбрахІимах лаьцна аьлла ма ду: «Иза тийшира Делах, цундела Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира». Иштта хаалаш, билггала ИбрахІиман тІаьхьенах берш Делах тешарш бу. Делан Йозанаша, хиндерг а дуьйцуш, кхечу къаьмнийн халкъаш а церан тешарехула Дала бакъдийриг хиларх лаьцна хаам бинера ИбрахІиме: «Дуьнен чуьра массо а халкъаш а Дала хьоьгахула декъалдийр ду», – аьлла. Цундела тешаш берш Делах тешаш хиллачу ИбрахІимца а декъала хуьлу. Ткъа товрат-хьехамашна тІера бакъахьара гІуллакхаш кхочушдарца шаьш Далла хьалха бакъхила луурш неІалтана кІел бу. ХІунда аьлча яздина ду: «Товрат-хьехамашна тІехь яздина долу дерриге а даим а кхочушдеш воцучу хІоранна а тІехь неІалт ду», – аьлла. Ткъа товрат-хьехамашна тІера гІуллакхаш кхочушдарца Далла хьалха цхьа а бакъвийр воцийла вайна хууш ду, хІунда аьлча: «Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву». Муса-пайхамаран товрат тІехь долчу бакъахьарачу гІуллакхийн цхьа а уьйр яц тешарца, цу тІехь аьлла ду: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву». Мах а белла, Дала леррина Къобалвинчо кІелхьардаьхна вай и товрат-хьехамаш кхочуш ца барна хуьлучу неІалтах, и неІалт Шена тІе а лаьцна. ХІунда аьлча Делан Йозанаш тІехь яздина ду: «Диттах ирхъоьллинчу хІоранна а тІехь неІалт ду», – аьлла. И дерриг а кхочушхилла, Дала ИбрахІиме лур ду аьлла долу декъалалла, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула кхечу къаьмнашна а далийтархьама а, вайн Шех тешар бахьана долуш, вайна чІагІо еш, Ша лур ду аьлла Делан Са вайна далархьама а. Динан вежарий, йижарий, аса вайн дахарехь долу цхьа масала далор ду шуна. Ур-атталла адамаша шайна юкъахь чІагІбина болчу бартана цхьаммо а йиш яц хІумма а цунна я тІетоха, я иза бохо а. Ткъа Дала, чІагІо еш, элира Ша ИбрахІимна а, цуьнан тІаьхьенах волчунна а лун дерг. Дацара и аьлла: «тІаьхьенах болчарна» бохург дуккханех лаьцна долуш санна, амма цхьаннах лаьцна долуш санна аьллера, «хьан тІаьхьенах волчунна» аьлла. Иза ву Дала леррина Къобалвинарг. Ас бохург хІара ду: диъ бІе ткъе итт шо даьлча а, Дала беллачу товрат-хьехамаша Дала Ша кхул хьалха бина болу барт бохо йиш яц. Цундела Ша лур ду аьлла йина чІагІо дІа а ца яьккхира Дала. Нагахь Дала Ша лур ду аьлларг товрат-хьехамаш кхочушбарна луш делахьара, иза Ша чІагІо ярна луш хир дацара. Ткъа ИбрахІимна Дала Ша лур ду аьлларг, Шен дикалле хьаьжжина, чІагІо ярна делла. ТІаккха стенна оьшу те товрат-хьехамаш? Уьш тІетоьхна бара адамашна шаьш летош долу къинош гайтархьама. Иза хир дара ИбрахІиман тІаьхьенах верг ваийтталц. Ткъа цу тІаьхьенах волчунна Дала чІагІо йинера, Ша декъалалла лур ду аьлла. Товрат-хьехамаш адамашна юкъа маликашкахула баийтина юкъарло лелошволчун гІоьнца. Ша цхьаъ волчунна юкъарло лелошверг ца оьшу. Ткъа Дела цхьаъ ву! ТІаккха товрат-хьехамаша Дала йинчу чІагІонашна дуьхьало йой те? Йойла а дац! ХІунда аьлча, нагахь адамашна деллачу товрато Дела волчохь хедар доцу дахар луш делахьара, къинойх бехказадовлар товрат-хьехамаш ма-бохху кхочушбарца доьзна хир дара. Амма Делан Йозанаша боху массо адамаш къинойн олаллехь ду. Делан Йозанийн Іалашо яра Дала чІагІо еш лур ду аьлларг Іийсах тешачарна дала, церан тешар бахьана долуш. Ткъа и тешаран зама тІекхачале, вай оцу товрат-хьехамийн олаллехь дара, Далла хила лиъна долу и тешар довзийтталц. Иштта Дала леррина Къобалвинарг схьаваллалц, вайна тІе хІоттийна волу тІехьожург санна, дара товрат, тІаккха Цунах тешар бахьана долуш Далла хьалха вай бакъдархьама. Ткъа хІинца, и тешар деана дІахІоьттинчу хенахь дуьйна, вай товрат-хьехамийн олаллехь дац кхин. Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешарца шу массо а Делан кІентий ду. ХІинца Дала леррина Къобалвинчун дола а довлуш, шаьш хих чекхдахийтина дела, Іийсан бедарш тІеюьйхича санна, Цуьнан васт схьаэцна аша. Бац шуна юкъахь я жуьгтий а, я кхечу къомах долу адамаш а, я лай а вац, я паргІатниг а вац, я божарий а, я зударий а дац шу – шу массо а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна цхьаъ ду. Нагахь шу Дала леррина Къобалвинчун делахь, тІаккха шу ИбрахІиман тІаьхьенах ду. Цундела шуна а кхочур ду, Дала, чІагІо еш, лур ду аьлларг.
Выбор основного перевода