Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Псалтирь
Параллельные места
Цуьнан хІусаман дена гора Веза Эла Юсупца хилар а, цо дечу гІуллакхаш тІехь гІо деш Иза хилар а. Цунна ша тІедиллинчу гІуллакхна сагатдан ца оьшура набахтин коьртачу хьаькамо, хІунда аьлча, Юсупан массо а хІуманна тІехь аьтто беш, Веза Эла вара цуьнца. Делан лаамехь берш, хурма-дитт санна, заза даьккхина хуьлу, Ливанун-махкара баган-дитт санна, уьш хьала а кхуьу. Шен куьйган къинхьегамца даьккхинчух вахалур ву иза, ирс долуш а, беркате а хир ву иза. И стаг, хин татол долчохь дІадоьгІна долчу, шен орамаш хина уллохь хецна долу дитт санна хир ву. Цунна ца хаало йовхо тІееача. Цуьнан гІа баьццара лаьтта. Иза йокъанах а ца кхоьру, шена тІе стом ца латош а ца хуьлу. Цу хин шинна а йистехула хьаладовлуш шайна тІе стом латош долу тайп-тайпана дитташ хир ду. Царна тІера гІаш цкъа а маргІал а доьр дац. Царна тІера стом кхачалур бац, хІора баттахь керланиг а латош, лаьттар бу, хІунда аьлча царна тІекхочуш долу хи езачу меттигера схьадолуш ду. Цу дитташна тІера стоьмаш кхачанна хир бу, ткъа гІаш дарбанна лелор ду».
Выбор основного перевода