Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Псалтирь
Параллельные места
Амма церан беркат церан-шайн куьйгаша кхоьллина дац. Иштта Іесачеран хьехамаш тІеэцар генахь ду суна! иза харцонаш лелочеран накъосталлехь лела, цуьнан некъаш Іесачеран некъех дІакхетта. Хьан багара долучу дешнашна тІаьхьа а хІуьттуш, ларлуш лела со. Ткъа адамаша лелочу гІуллакхашна а, церан зуламечу некъашна а со тІаьхьа ца хІуьтту. Везачу Эле цхьа хІума доьхура аса, изза бен ца лоьху аса. Иза ду, со вехаш мел ву, Везачу Элан цІа чохь со Іен лаар, Цуьнан хазалле хьежархьама а, Цуьнан цІа чохь Цунах дагавалархьама а. Со холчу хІоьттинчу дийнахь Цо Шен четар кІел дІахьулвийр ма ву со. Ша Іачу метте дІалачкъор ма ву со, Цо тарха тІе а воккхур ма ву со. Іесачу нехан некъа тІе а ма вала, вочу нехан леларх дІа а ма тарло. Хьанал нах цкъа а бегийна хир бац, амма Іеса нах дуьнен тІехь буьсур бац. Кхечу нахах кхаьрдарг кура а, ша лакхара хеташ а ву. Доза доцуш долчу кураллица лелаш ву цу тайпана стаг. Со цкъа а ца хилла боьлуш, сакъоьруш болчу нахана юкъахь. Хьан куьйга кІелахь а Іаш, суна уллохь цхьа а вацара, ткъа нахана долчу эргІадвийларх Ахь вуьзира со.
Выбор основного перевода