Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхел нийса е, къечуьнга озабезам а ма бе, хьалдолчух а ма кхера. Нийсонца кхел е хьайн уллорачунна. Аса оцу хенахь шун кхелахошка омра дира: „Шайн къомах болчеран гІуллакхашка ладогІа, царна юкъахь нийса кхел е, шайн къомах волчуьнца я тІевеанчуьнца и гІуллакх доьзна делахь. Къен а, миска а волчун гІуллакх цо нийсонца къастадора. Цундела иза дика вехаш вара. Иза дац те Со вовзар? – боху Везачу Эло. – «Массо а ницкъийн Везачу Эло хІетахь иштта элира: „Нийса кхел а елаш, вовшех къахеташ а, дог лозуш а хилалаш. Йисинчу зудчунна а, бо берана а, тІевеанчунна а, мискачунна а гІело ма елаш. Шайн даг чу вовшашна дуьхьал зулам дар дага ма тасийталаш“. Адамна тІехьаьжна ма е кхел, ткъа кхел бакъонца е».
Выбор основного перевода