Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен дог Делах ца тилийтархьама, шена дукха зударий а ма балабойла цо. Иштта деши а, дети а дукха ма гулдойла цо. Хийрачу мехкашкара зударий безара Сулим-паччахьна. ПирІунан йоІ йоцург, царна юкъахь бара муабахойн, Іамминхойн, эдомхойн, цІаданхойн, хьетахойн йоІарий. Сулим-паччахь къанвелча, цу зударша шайн деланашкахьа дІаверзийра иза. Цундела Сулим-паччахьан дог, шен ден Даудан ма-хиллара, шен Везачу Далла дерриг а дІаделла дацара. Ас элира: „Шуна хууш ду, кхечу къаьмнех болу зударий балор бахьана долуш, исраилхойн паччахь волчу Сулима шех къа латийна хилар. Ткъа кхечу къаьмнийн бацара Сулим-паччахь санна болу сийлахь паччахьаш. Далла везаш а вара Сулим-паччахь. Цундела Цо иза дерриг а Исраилан халкъана тІехь паччахь вина дІа а хІоттийнера. Амма кхечу къаьмнех болчу зударша ур-атталла цуьнга а къинош летадайтира. хьайн доьналла кхечарна ца кхачийтархьама а, хьайн дахаран шераш къизачеран кара ца дахийтархьама а.
Выбор основного перевода