Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
хІунда аьлча аса гІо доьху пекъар кІелхьарвоккхура, гІо доцуш болчу боберашкахьа гІо а доккхура. Лечуьра кІелхьарваьккхинчо со декъал а вора, бисинчу зударийн дегнийн а ас самукъадолуьйтура. Бакъахьа лелар – сан духар санна дара, ткъа нийсо – сан оба а, чалба а санна яра. Со бІаьрзечунна бІаьргийн метта вара, ткъа астагІчунна когийн метта вара. Мискачарна со ден метта вара, хийрачун гІуллакх а ас къастадора. Зуламхойн моччагІалш а ас дохадора, церан багара ижу а ас схьайоккхура. Іожаллина тІе буьгуш берш кІелхьарбаха! Харцбахьанина байа хьаьхна берш бойучуьра кІелхьарбаха! Диканиг дан Іама, нийсо лелор лаха, гІело яр сацаде, вон гІуллакх нийсонца къастаде, йисина Іачу зудчун бакъонаш ларъе.
Выбор основного перевода