Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делкъахенахь уьш тІамца арабевлира. Ткъа четарш чохь сакъоьруш Іаш волу Бен-Хьадид шена гІо деш волчу ткъе шийтта паччахьца цхьаьна, мала а мелла, вехнера. ЧагІаро бага лен йоккху, къаьркъано мотт галбоккху. Цара тилийна мел верг хьекъал доцуш ву. Декъала бу мохк, паччахь оьздачу тайпанах а велахь, цуьнан элаша хІотто деззачу хенахь той хІоттош а делахь! Цара юург шайн дегІе ницкъ баийтархьама йоу, ткъа малар дахархьама ца молу.
Выбор основного перевода