Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахьан омрица массо а геланча сихха новкъа велира. Паччахьан сацам Шушан-гІалин гІопахь долчу халкъана дІабийшира. Паччаххьий, ХІаманний молуш Іаш вара, ткъа Шушан-гІалахь дехаш долу адамаш карзахдевлла хьийзаш дара. Везачу Элан дешнаш – цІена дешнаш ду. Кхерча диллина долу, ворхІазза дахчийна дети санна уьш ду. Хьоьца со хилча, аса эскар а эшадо, сайн Делаца со пенал дехьа а вуьйлу. Веза Дела вайна малх а, турс а ву. Цо вайна диканиг до, вайн сий а до. ЦІеначу новкъахула лелаш волчунна муьлхха а диканиг дарехь Ша саца ца во Цо.
Выбор основного перевода