Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Зуламхойн моччагІалш а ас дохадора, церан багара ижу а ас схьайоккхура. Кхетаме богІур болуш а бац те харцонаш лелош мел берш, шаьш бепиг дууш санна, сан халкъ дІакхоллурш, ткъа Везачу Эле ца кхойкхурш? Хьан матто хІаллакьхилар дуьйцу, ира урс санна бу хьан иза, ямартниг! Цуьнан бага даьттанал а кІеда ю, амма цуьнан даг чохь мостагІалла ду. Цуьнан дешнаш зайтдаьттанал а кІеда ду, ткъа уьш, баттара даьхна тарраш санна, ира ду. Ойла а ца еш, къамел дечун дешнаша, туьро санна, чов йо, амма хьекъал долчун дешнаша дарба до. Церан меттанаш Іожаллин пхерчий санна ду, цаьрца нах Іехабо цара. Шен лулахошца цара мерза мотт буьйцу, амма шайн даг чохь ямартло латтайо. ЛадогІа кху дешнашка, мисканаш дІакхалла а, къенаш хІаллакбан а хьаьгна долчу а,
Выбор основного перевода