Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КанаІанан дена Хьамина гира шен ден верзина ваьлла хилар, тІаккха цо ара а ваьлла, цунах лаьцна шен шина веше дийцира. Шун декъий стигаларчу олхазарша, лаьттарчу акхароша а дуур ду, уьш дІакъахкош стаг а воцуш. Дена а, нанна а стага неІалт олуш хилча, цуьнан дахаран серло Іаьржачу боданехь дІайовр ю. Хьо дуьнен чу ваьккхинчу хьайн дега ладогІалахь. Хьайн нене а ларамах вуьзна хилалахь, иза къанъелча а. И нах Іожаллин уьнех лийр бу. Церан декъашна воьлхуш цхьа а хир вац, уьш цхьанна а метте дІа а бухкур бац. Церан декъий лаьтта тІехь, кхо санна, Іохкуш хир ду. И нах мостагІийн тарраша а, мацалло а хІаллакбийр бу, ткъа церан декъий олхазарша а, акхароша а дуур ду».
Выбор основного перевода