Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисархошна хьо гича, цара эр ду: „Иза цуьнан зуда ю“. Цара со вуьйр ву, хьо шайна йитархьама. Хьо сан йиша ю ала цаьрга, тІаккха цара со вуьйр вац. Со хьан ваша ву моьттуш, уьш соьца дика хир бу, ткъа ахь сан са кІелхьардоккхур ду». Веза Воккхачун тхов кІелахь вехаш верг Нуьцкъалчун ІиндагІехь Іаш ву. Цо олу Везачу Эле: «Хьо сан гІап а, ха а ду, сан дегайовхо Хьайца йолу Дела а ву!» Цо кІелхьарвоккху хьо мостагІчун гурах а, лечу цамгарх а. Шен тІемашца дІахьулвина, Цо Іалашвийр ву хьо. Цуьнан тешаме хилар ду хьан турс а, дуьхьало а. Буьйсанна хуьлучу Іадорах а, дийнахь кхоьссинчу пхарах а кхоьрур вац хьо, боданехь лелачу уьнах а, делкъехь кхетачу цамгарх а кхоьрур вац. Хьуна гонах эзар а, аьтту агІор итт эзар а вожа мега, амма хьуна Іожалла тІейогІур яц. Хьайн бІаьргашца гур ду хьуна зуламечу нахана таІзар хуьлуш. Везачу Элах хьайн гІап йина ахь. Веза Воккханиг хьайн Ларвийриг хаьржина ахь. Хьуна вон болх а хир бац, цамгар хьан цІенна улло а йогІур яц. Везачу Эло Шен маликашна тІедуьллур ду массо а хьан некъашкахь хьо ларвар. Цара куьйгаш тІехь дІахьур ву хьо, хьан ког тІулгах а ца тасаболуьйтуш. Лом а, лаьхьа а хьошур ду ахь, лоьман кІорни а, текхарг а эшор ду. Везачу Эло олу: «Со везарна кІелхьарвоккхур ву Ас иза, Іалашвийр ву Со ларарна. Сайга кхайкхахь, жоп лур ду цунна. ГІайгІанехь Со цуьнца ву. Ас иза паргІат а воккхур ву, цуьнан сий а дийр ду. Цуьнан дахар деха а хуьлуьйтур ду, цунна кІелхьарвалар а лур ду». Хьекъалаллица шега бохучуьнца лелаш волчунна аьтто карор бу, ткъа Везачу Элана тІетевжаш верг декъала хир ву. Веза Эла – дика йина бІов санна ву: хьанал стаг, Цунна тІе кхаьчча, кхерам боцуш хуьлу. Декъала хир ву Везачу Элах тешаш верг а, шен тІетовжа меттиг – Веза Эла ерг а. ХІарод и бехк баккхар бахьана долуш Яхьъя вен лууш хилла, амма адамех иза хІуттуш ца хилла, цара Яхьъя лоруш тІеэцна хилла дела. Ур-атталла куьйгалхошна юкъара а дукхахберш тийшира Іийсах. Амма шаьш парушхойх кхерар бахьана долуш, цара ца хаийтира шаьш тешний. Уьш кхоьрура шаьш гуламан цІийнах дІакъасторах. ХІунда аьлча шайна адамашкара долу сийдар Дала сийдарал а сов дезарна.
Выбор основного перевода