Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Адамаш охьатаІийна делахь, ахь эр ду: „Хьалаайина хила“, ткъа корта охьабахийтинарг Дала кІелхьарвоккхур ву. Мисканаш Ахьа кІелхьарбоху, ткъа цабашарца хьоьжурш Ахьа охьатаІабо. Куралла йоьссича – юьхьІаьржачу хІутту, ткъа эсала болчаьрца хьекъалалла хуьлу. Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо хьекъалалла хьоьху, ткъа сийлаллина хьалха эсалалла хуьлу. И дерриг а Сан куьйго кхоьллина дац? И дерриг а иштта хилла дІахІоьттина дацара? – боху Везачу Эло. – Ша кІезиг хетачуьнга а, дог доьхна волчуьнга а, Сан дашна вегавеш волчуьнга а Сан ларам бу. Набухди-Нецарна тІехь и дош цу сохьта кхочушхилира. Адамех дІакъастийра иза. Бежано санна, бецаш юура цо. Цуьнан дегІ стигалара тхино тІундора. Цуьнан чоьш дахделлера, аьрзун пелагаш санна. Цуьнан, олхазаран санна, мІараш яра». Ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кІезиг хетар ву, ткъа ша кІезиг хеташ верг хьалаваьккхина хир ву. Амма Дала кхин а доккха дика дина вайна. Цундела аьлла ду: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кІезиг хеташ Іаш болчарна Шен дика ло Цо». Ткъа шу, кегийнаш, тхьамданийн лаамехь хила. Вовшашна муьтІахь а долуш де гІуллакх, хІунда аьлча: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кІезиг хеташ Іаш болчарна Шен дика ло Цо».
Выбор основного перевода