Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сонтачу стеган оьгІазвахар цу сохьта гучудолу, ткъа хьекъал долчо шена йина вас гучу ца йоккху. Хьекъал дерг шен хаарш гучудаха ца гІерта, ткъа сонтачо шен сонталла гучуйоккху. Эсала жоп даларо оьгІазвахар дІадоккху, амма кІоршамечу вистхиларо стеган дералла марсайоккху. Хьекъалечу нехан къамело хааршна тІекхачаран лаам ло, ткъа сонтачеран маттера сонталла бен ара ца йолу. Адаман хьекъалалло иза сихха оьгІаз ца вохуьйту. Шена дина зулам дукха даре ца деш дитаро адаман сий до. Гонахара пен бохийна лаьтташ йолу гІала санна ву са ца тохалуш волу стаг.
Выбор основного перевода