Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стага вукху стагана дуьхьал ша вониг дича, Дела царна юккъе хІотта мега. Ткъа аша Везачу Элана дуьхьал вониг лелош хилча, шуна тІе мила хІуттур ву?» Амма цара шайн дас бохучуьнга ла ца дугІура, Везачу Эло цу хенахь уьш байа сацам бина хилла дела. Амма, Делан дешнех а ца бешаш, Цуьнан пайхамарех а кхаьрдаш, цара Дала бахкийтинарш юьхьІаьржачу хІиттабора, Шен халкъана дуьхьал йолу Делан дералла юха ца ерззал чІогІа алсам а йоккхуш. Аса шуьга дуьйцура, амма аша соьга ла ца дуьйгІира. Ас сайн куьг шуьга дІакховдийра, амма соьга ладугІуш стаг вацара. Ас шайна дина хьехарш аша дІатеттира, ас боху нисдар аша тІе ца ийцира. Цундела со а кхаьрдар ду шуна тІедеанчу вонах, со доьлуш хир ду, шу Іадийна дІахІиттича – шуна тІе, йочана санна, даккхий зенаш даьхкича, шайтІанан мох санна, шуна вон тІедеача, шу гІайгІане, сингаттаме хилла, дІахІиттича. Амма цІеххьана цунна тІе бохам кхочур бу. Цу сохьта, дарба а хир доцуш, чІогІа кІелвуьсур ву иза. Нийсачу новкъара дІаваьллачунна чІогІа таІзар дийр ду, ткъа ша нисвар ца дезаш верг лийр ву. Декъала ву Везачу Эле ларамах вуьзна верг, амма вухахьаволучо шена тІе бала бахьар бу. цаьрга дІаала: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: ХІара къам а, хІара гІала а юха меттахуттийла доцуш, кхаба йохош санна, дохор ду Ас. Белларш Тупатехь а дІабухкур бу, кхечу меттехь уьш дІабохка меттиг ца хиларна.
Выбор основного перевода