Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь Хьан халкъо Хьуна хьалха къинош летадахь (ткъа къа ца латош адам дан а дац), тІаккха Ахьа, масала, царна оьгІаз а вахана, уьш мостагІашка эшабойтур бу. Ткъа мостагІаша, царна йийсар а дина, генарчу я юххерчу хийрачу махка дІабига мега уьш. Нагахь Хьан халкъо Хьуна хьалха къинош летадахь (ткъа къа ца латош адам дан а дац), тІаккха Ахьа, масала, царна оьгІаз а вахана, уьш мостагІашка эшабойтур бу. Ткъа мостагІаша, царна йийсар а дина, генарчу я юххерчу хийрачу махка дІабига мега уьш. Боьхачунах цІенаниг схьавер вуй? Вер вац. Дела Шен дезачу маликех а ца теша, Цунна хьалха стигалш а цІена яц. Харцонца вара со дуьнен чу ваьлчхьана дуьйна, сайн ненан кийрара дуьйна къа ду аса схьадахьаш. Массо а хенахь Делан лаамехь а лелаш, цкъа а къа а ца латош волу бакъахьара стаг вац кху дуьненахь. Нагахь санна вай ваьшца къа дац бахахь, тІаккха вай цу дешнашца ваьш Іехадо, вайца билггал долу бакъдерг а дац.
Выбор основного перевода