Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІораммо а шен уллорачуьнга харцдерг дуьйцу. Шайн мекарчу меттанашца цара шалхо лелайо. ДогІа ца луш йолу марханаш а, мох а санна ду, совгІат дийр ду а аьлла, иза цадар. Везачу Эло элира: «Даха а гІой, Ярушалайман урамашкахула а, майданашкахула а лахийта нийсо кхочушъеш волу, Суна тешаме хуьлуш волу цхьа стаг. ТІаккха Аса Ярушалаймана гечдийр дара. Айхьа сагІа лучу хенахь, иза нахе кхайкхо ма гІерта, шалхалла йолчу наха санна, гуламан цІенош чоххьий, ураман некъашкахь шаьш нахе хастадайтархьама. Аса тоьшалла до шуна: царна йогІуш йолу ял иштта а дІакхаьчна шуна. Ас боху шуьга: Цо, хьем ца беш, нийсоне кхочуьйтур бу уьш. Амма Адамийн КІант дуьнен чу веача, карор буй теша Цунна Шех тешаш болу нах?» Парушхочо, дІа а хІоьттина, доІа деш хилла: „Дела! Хастам бу Хьуна, талорхой, харцончаш, нахаца леларш я хІара ял гулъеш верг санна со ца хиларна.
Выбор основного перевода