Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу дезар а ду, шу декъал а дийр ду, шу доьбуьйтур а ду Цо. Шун кийрахь верг а декъалвийр ву, шун латто луш дерг – ялта а, чагІар а, зайтдаьтта а – декъалдийр ду, шун бежанийн эсий а, жийн Іахарий а декъалдийр ду Цо шун дайшка шуна лур ду аьллачу лаьтта тІехь. Иза иштта делахь а, Даудан дуьхьа цуьнан Везачу Дала цунна Ярушалаймехь йолу тІаьхье елира. Цул тІаьхьа паччахь хилийтархьама, Дала цунна кІант велира, ткъа Ярушалайм-гІала Дала чІагІйира. Цо хІора дийнахь къинхетам а бо, духалург а ло. Цуьнан тІаьхье декъала а хир ю. qac Вqac*уно ницкъ болуш хир ду цуьнан бераш шайн махкахь. Гуттар декъалйина хир ю дог цІена йолу цуьнан тІаьхье. Оха дозалла а до, тхан дегнаша тоьшалла а до, дуьнен тІехь тхо лелар а, шуьца йолу юкъаметтиг а Далла хьалха догцІена а, хІумма а къайла ца доккхуш а хилла аьлла. Ткъа иза адаман хьекъалца а доцуш, Делера долчу диканца дара.
Выбор основного перевода