Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кемсийн чагІар а мелла, ваха а вехна, верзина а ваьлла, шен четар чохь, тІе хІума а тасаза, вижина Іуьллуш вара Нохьа. Мила ву ахІ-ухІ деш? Мила ву девнаш дохуш, аьрзнаш деш? Хьенан ю, мичара яьлла а ца хууш, бІаьргкІелош Іаржйина? Хьенан бІаьргаш ду, даьржина хи санна? Уьш чагІарш муьйлучохь дуккха а хан йоккхучеран, чІогІа маларш муьйлучеран ду. ЧагІар цІен делахь а, цунах Іеха ма ло. Иза пхьегІи чохь хаза ловзу, атта мала а ло. Амма цул тІаьхьа цо, мерзлаьхьано санна, це туху, дІаьвше лаьхьано санна, цергаш а юхку. ХІунда аьлча, дукха мала а мелла, царна дицдала тарло бакъонаша хІун боху, тІаккха цара Іазапехь болчарна тІехь нийса кхел а йийр яц. ЧагІаро галбохурш а, нихано тохкуьйтурш а ур-атталла динан дай а, пайхамарш а бу – уьш чагІаро галбоху. ЧагІаро уьш карзахбоху, ткъа нихано уьш тохкуьйту. Шайна суьрташ хІиттича, уьш галбуьйлуш бу, шаьш гІуллакх къастадича, уьш тийсалуш бу. Сийсаза лелар долуьйту чагІар тІех дукха ма мийлалаш, амма Делан Синах дуьззина хилалаш.
Выбор основного перевода