Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хаьа суна, сан Дела, Ахьа тхан дегнаш зуьйш хилар а, Хьуна цІена дегнаш дезаш хилар а. Аса и дерриге а сайн цІеначу даггара сагІина деана. Ткъа хІинца кхузахь долчу халкъо хазахетарца Хьуна сагІа дар го суна. Веза Эла, сох доллург талла а таллахьа, зен а зехьа. Сан кийрахь а, даг чохь а долчуьнга хьажахьа. Дети кеда чохь цІандо, деши кхерча чохь зело, ткъа наха хасторца зуьйш хуьлу адам. Амма Веза Эла волу Со цуьнан даг чохь дерг хаа йиш йолуш ву, цуьнан тешар зен йиш йолуш а ву, цу нахана царна доггІург дІадалархьама». И кхоалгІа дакъа Ас цІерга тосур ду. Дети лаладаре терра, лалор ду иза, деши цІандеш ма-хиллара, цІан а дийр ду. Соьга кхойкхур бу уьш, ткъа Суна хезар бу уьш. Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“. Цара а эр ду: „Веза Эла – тхан Дела ву!“»
Выбор основного перевода