Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Ас шуна тІедуьллуш долу хІара весет шу кхетийла доцуш а дац, гена а дац. Иза стигалшкахь а дац, цундела иштта ала ца деза аша: „Мила вер ву стигалшка хьала, иза, кхуза охьа а далийна, вайна схьахазийта, ткъа вай тІаккха кхочушдийр ма дара иза?“ Иза хІордал дехьа а дац, цундела иштта ала ца деза аша: „Мила вер ву хІордал дехьа, иза, кхуза схьа а деана, вайна схьахазийта, ткъа вайга тІаккха кхочушдалур ма дара иза?“ ХІан-хІан! И дош шуна дикка юххехь а ду, иза шун матта тІехь а, даг чохь а ду аша кхочушдархьама». Хьекъалалла-м дац те и кхойкхург? Кхетам-м бац те, шен аз ойуш, кхойкхуш берг? Кхаьрдачо хьекъалалла лоху, иза цунна кара а ца до, амма хьекъал долчу стагана хаарш атта карадо. Хьекъалечун бІаьргаш са гуш бу, ткъа сонтаниг боданехь тилавелла леларг санна ву. Ткъа царах массарах хиндерг цхьаъ дуйла а кхийтира со. Мила кхета массо а хІуманан маьІнах? Хьан кхетор ву иза массо а хІуманах? Адаман хьекъалалло цуьнан юьхь а къагайо, цуьнан къиза амат а кІаддо.
Выбор основного перевода