Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду. Хан тІееача, церан ког галбер бу. Церан хІаллакьхиларан де герга ду, церан къемате кхоллам тІекхочу“. Везачу Эло иштта боху: „Аса хьуна зе хьан цІа чуьра доуьйтур ду. Хьуна хьалха хьан зударий, схьа а эцна, хьуна чІогІа хьомсара хеташ волчу стагана дІалур бу. Дийнан делккъехь, массарна а гуш, хьан зударех кхетар ву иза. Сан шайга болчу безамна дуьхьал цара со харцахьа бехкево, ткъа аса царна тІера доІанаш до. Берриг а сан безамна дуьхьал цара вон доккху, сан шайца долчу доттагІаллина дуьхьал цабезам а боккху. Дан дезий те диканна дуьхьал вониг? Делахь а цара ор даьккхина, со вейтархьама. Дагадаийтахьа со Хьайна хьалха лаьтташ хилар, церан дуьхьа Хьуна диканиг дуьйцуш, Хьоьга Хьайн дералла царна тІера дІаяккхийтархьама. Вонна дуьхьал вон ма даккха, сийсазварна дуьхьал сийсазвар, мелхо а декъалве шайна вон болх бинарг. ХІунда аьлча шу цу балхана кхайкхина ду, ткъа шуна Делера декъалдар хир ду. Цхьанна а зуламна дуьхьал зулам ма делаш, мелхо а, массо а адамна хьалха оьзда дерг лело гІерталаш. Сан хьоменаш! Цкъа а бекхамаш бан ма гІерталаш, ткъа иза Делан кара дІалолаш. Яздина ма ду: «„Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду“, – боху Везачу Эло». Хьовсалаш, цхьаьнгге а цхьанна а вонна дуьхьал вон ма дайталаш, амма гуттара а вовшашна а, массарна а диканиг дан гІорталаш.
Выбор основного перевода