Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан ницкъ, шовда санна, лекъна, дегІера дІабаьлла, сан багара мотт а къамкъаргах дІалетта. Со Іожаллин чене дІавуьллу Ахь. Синкъерамечу даго стеган юьхь-сибат а синкъераме до, ткъа, дог баланехь хилча, са а сингаттаме хуьлу. Къен стаг массо а хенахь гІайгІане хуьлу, ткъа самукъане дог долчаьргахь массо а хенахь той лаьтта. Кхаьънаш ма эца, хІунда аьлча цара са гуш верг бІаьрзе во, бакъболчеран гІуллакх талхадо. Къайлаха динчу совгІато оьгІазалла дІайоккху. Цхьанна а ца хоуьйтуш беллачу кхоо оьгІазвахар дІадоккху. Хьекъал доцучу куьйгалхочо шен халкъана гІело йо, амма харц са яккхар цадезарг дуккха а куьйгаллехь лаьттар ву. Цара Сан халкъа юкъара къен нах нийсачу кхеле ца кхочуьйту, гІийлачеран бакъонаш схьайоху, бисина Іачу зударийн а, байн а долахь дерг дІадоккху. Церан тхьамданаша кхаьънаш эцарца кхел йо, ткъа динан дайша шайна мах белча хьоьху. Церан пайхамарша а ахчанах пайхамаралла до. Шаьш иза дечу хенахь Везачу Элана тІетевжа уьш: «Веза Эла вац ткъа вайна юкъахь? Вайна тІе бала богІур ма бац!» – бохуш.
Выбор основного перевода