Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Притчи
Параллельные места
ТІаккха аьлла Цо адаме: «Хьалдолчу Эле ларамах вуьзна хилар – иза хьекъалалла ду, ткъа зуламна генавалар – иза кхетамалла ду». qac Шqac*аьш хьекъалалле кхачийтархьама, нах уггар хьалха Везачу Эле ларамах буьзна хила беза. Эрна доцу дуьхьекхиар Цо тІедехкинарш лардеш болчу массеран а хир ду. Іаббалц Цунна беш болу хастамаш абаденналц лаьттар бу. Везачу Эле ларамах вуьзна хилар – иза хьекъалаллин юьхь ю, ткъа Веза Дела вовзар – иза кхетам бу. Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо хьекъалалла хьоьху, ткъа сийлаллина хьалха эсалалла хуьлу. Хьуна дІахезначу дерригенан а жамІ иштта ду: Делах а кхера, Цуьнан весеташ кхочуш а де, хІунда аьлча хІора адамна тІедиллина декхар ду иза.
Выбор основного перевода