Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Притчи
Параллельные места
Цу хенахь аша, шаьш хаьржина волчу паччахьан куьйга кІелара дІадаха бохуш, Деле орца дохур ду, амма Везачу Эло шун доІанна жоп лур дац». ДоІанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бІаьргаш дІакъовлу, шайн доІанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хІунда аьлча шун куьйгаш цІийх дуьзна ду. Амма шун харцонаша шуна а, шун Далла а юккъе херо ялийтина. Аша летийначу къиноша Цуьнан юьхь шуьгахьара дІаерзийтина, ткъа цу бахьаненна Цунна шу ца хеза! Цундела иштта боху Веза Эла волчу Аса: „Аса кестта царна бохам боккхур бу, уьш цунах кІелхьар а бовлалур бац. Ткъа уьш Соьга кхайкха буьйлабелча, Суна хезар а дац. Цундела Аса дІагойтур ю царна Сайн оьгІазалла, царах къинхетам а бийр бац, уьш кхоор а бац Аса. Уьш, маьхьарий а детташ, Соьга кхайкха буьйлалур бу, амма Ас ладугІур дац цаьрга». ТІаккха уьш Везачу Эле кхойкхур бу, амма Цо жоп лур дац царна. Цу дийнахь Цо Шен юьхь дІаерзор ю царах, цара зулам дина дела. Иштта хилира: „Ас кхойкхуш цара ла ца догІаре терра, цара кхойкхуш Аса а ла ца дугІура“, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. –
Выбор основного перевода