Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Притчи
Параллельные места
Дийнахь сарралц Сайн куьйгаш вочу новкъахула шайн лаамашца леллачу къар ца лучу халкъе а кховдийна, Іийна Со. Ас туьра кІел дохуьйтур ду. Шу массо а дойур ду, хІунда аьлча Ас кхайкхича, аша жоп ца делира, Ас къамел дича, аша ла ца дуьйгІира. Суна зуламе хеташ дерг а деш, Суна цадезарг хоржуш а дара шу». Со а хир ву цаьрца шога. Уьш кхоьруш дерг доуьйтур ду Ас царна тІе, хІунда аьлча Со кхайкхира, амма жоп луш стаг вацара, Ас къамел дира, амма цхьаммо а ла ца дуьйгІира. Цара Суна хьалха зуламениг дора, Суна цадезарг а хоржура». И дерриг а вонаш деш шу лелаш долчу хенахь, – боху Везачу Эло, – Аса дукхазза а бехира шуьга, амма аша ла ца дуьйгІира. Со шуьга кхойкхура, амма аша Суна жоп ца лора. Амма Сан тидам бан ца лаьара царна, Сох дІабоьрзура уьш, шайн лергаш дІакъовлура цара, Со шайна ца хазийта. Ткъа Исраилан халкъах лаьцна Дала ЕшаІ-ЯхІугахула иштта боху: «Дийнахь сарралц Іийра Со Сайн куьйгаш дІакховдийна муьтІахь доцучу а, карзахдуьйлучу а халкъе».
Выбор основного перевода