Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Иштта «Ливанун-мехкан хьун» цІе йолу паччахьан цІа дайтира Сулим-паччахьо. Оцу цІийнан гІишлойн яхалла бІе дол, шоралла шовзткъе итт дол, ткъа лакхалла ткъе итт дол яра. Цо цІа дира баганан дечигах беа могІарехь дІахІиттийначу бІогІамашна тІехь. Ткъа цу бІогІамашна тІехула дехкира баганан диттийн дечигах долу тІеш. Къаьстина кхин цхьа чоь яра Сулим-паччахьан, цу чохь паччахьан деза гІант дара хІоттийна. Оцу чоьнах «кхел еш йолу чоь» олура, хІунда аьлча цу чохь адамашна кхел йора Сулим-паччахьо. Оцу чуьра цІенкъа а баганан диттан аннех яра. Пийлан кІомсарех доккха паччахьан гІант дайтира паччахьо, цунна тІе а цІена деши диллира. Оцу гІантана тІеваха йиллина ялх тІегІа яра. ГІантан букъ туху агІо тІехулара горга яра. ГІантан шина а агІор куьйган голаш хІотторгаш яра, царна хІоранна уллохь дина лоьмийн суьрташ дара. Кхин а шийтта лоьман сурт дара, оцу ялх тІегІанна шинна а агІор цхьацца лаьтташ. Оцу тайпана долу паччахьан гІант хІетталц цхьанна а пачхьалкхехь дина дацара.
Выбор основного перевода