Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Хьуна хІунда ца хаьа и меттиг, зударшна юкъахь уггар исбаьхьаниг? УьстагІийн лорах дІа а гІой, жаІуйн четарш уллохь хьайн буьхьигаш яжае. Сайн везаргана неІ дІайиллира ас, амма иза, юха а вирзина, дІавахара. Сан са малделира, иза дІавахарна. Ас лийхира иза, амма суна иза ца карийра. Со кхайкхира цуьнга, амма иза дуьхьал вист ца хилира. массо а ницкъийн Везачу Эло стигалан къовкъарца а, лаьттан дегорца а, чІогІачу озаца а, дарцаца а, буьрсачу мохаца а, дерриге а дІакхоллучу цІерца а гІо дийр ду хьуна. Везачу Эло боху: «Ва дерриге а хьогах дерш, хиш тІе схьадуьйла! Ва шайгахь ахча доцурш, схьадуьйла, эца, яа! Схьадуьйла, дети доцуш эца, ахча а ца луш, чагІар а, шура а эца! Лаха Веза Эла Иза каро мегачу хенахь. Кхайкха Цуьнга, Иза уллохь волчу хенахь. Цхьана гІалин бахархоша, вукху гІалин бахархошна тІе а баьхкина, эр ду: ‘Дуьйло, Веза Эла вайца дика хилар деха а, массо а ницкъийн Веза Эла лаха а гІо вай. Со а воьду цига’, – аьлла. Дуккха а халкъаш а, ницкъ болу къаьмнаш а Ярушалайм-гІалина тІеоьхур ду, массо а ницкъийн Веза Эла лаха а, Цуьнга шайца дика хилар деха а“. «Деле диэха – Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха – Иза карор ву шуна, неІ тоха, иза дІайоьллур ю шуна, хІунда аьлча хІора доьхучунна жоп ло Дала, лохуш волчунна карадойту, неІ тухучунна – схьайоьллуьйту. Стигалийн Олалла мехала жовхІарш лоьхуш лелачу совдегарх тера ду.
Выбор основного перевода