Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Цул тІаьхьа Дауд-паччахьо элира: «Схьакхайкха суна тІе динан да волу ЦІадукъа а, Ната-пайхамар а, ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу а». Уьш паччахь волчу чубевлира. Паччахьо элира цаьрга: «Шайца сан уллоранаш а эций, сан кІант Сулим, сан бІарзанна тІе а хаавай, Гихьон-шовданна йисте дІавига. Цигахь динан дас ЦІадукъас а, Ната-пайхамаро а Исраил-махкана тІехь паччахьалла дан къобалвийр ву Сулим, коьрта тІе даьтта а дуттуш. Цул тІаьхьа, уьстагІан маІа а локхуьйтуш, дІакхайкхаде: „Вехийла Сулим-паччахь!“ – аьлла. И хІума шаьш дина девллачул тІаьхьа юха схьавалаве иза. ТІаккха Сулим, схьа а веана, сан, паччахьан, метте охьахуур ву. Цо сан метта паччахьалла дийр ду. Исраилан халкъана а, ЯхІудан халкъана а тІехь баьчча хила аьлла, весет дина аса цуьнга». ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус, паччахье жоп луш, элира: «Амин! Иштта олийла Везачу Эло, сан паччахь волчу олахочун Дала. Веза Эла сан паччахь волчу олахочуьнца ма-хиллара, иштта хуьлийла Иза Сулимца а, сан олахо волчу Даудан паччахьаллел а, лакхадоккхийла Цо Сулиман паччахьалла а». ТІаккха динан да волчу ЦІадукъас а, Ната-пайхамаро а, ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус а, кератхоша а, палетхоша а Сулим, Дауд-паччахьан бІарзанна тІе а хаийна, Гихьон олучу шовдан йисте вигира. Цул тІаьхьа динан дас, деза четар чуьра деза хьакхар чохь долу маІа схьа а эцна, и хьакхар Сулиман коьрта тІе доьттира. ТІаккха зурманчаша коьман маІа лекхира. Дерриг халкъо, аз айадеш, бохура: «Вехийла Сулим-паччахь!» Цул тІаьхьа дерриг а халкъ, зурманаш а лоькхуш, Сулимна тІаьхьахІоьттира. Массо а халкъана и хІума чІогІа хазахеттера. Церан маьхьарша дерриг а латта дегадора. ХІума юучуьра севцича, Адан-ЯхІуна а, цо кхайкхинчарна а и гІовгІанаш хезира. Ткъа коьман маІан гІовгІа хезна волчу Йоаба элира: «И хІун гІовгІа ю яьлларг? ХІун ду те гІалахь хилларг?» Цо и боххушехь, динан ден Абу-ЯтІарин кІант ЯхІуната тІевеара. Ткъа Адан-ЯхІус цуьнга элира: «Чувала, хьо хьанал стаг ву. Ахьа дика кхаъ беана хир бу». ТІаккха ЯхІунатас Адан-ЯхІуга жоп делира: «ХІан-хІа. Дика кхаъ бац ас беанарг! Вайн олахочо Дауд-паччахьо Сулим паччахь вина дІахІоттийна. Паччахьо динан да ЦІадукъа а, Ната-пайхамар а, ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу а, кератхой а, палетхой а бахийтина, цара Сулим паччахьан бІарзанна тІе хаийна. ТІаккха Гихьон-шовданан йистехь динан да волчу ЦІадукъас а, Ната-пайхамаро а Сулим паччахь ван къобалвина. Цигара дІадоьдуш долу халкъ чІогІа хазахетта ду, ерриг гІала а меттахъяьлла. Цундела яьлла шуна хезаш йолу и гІовгІа. ХІинца паччахьан метта Сулим охьахиъна. Ткъа паччахьан уллорачара, вайн олахо Дауд паччахь декъалвеш, элира: „Хьан Дала Сулиман цІе хьан цІарал а сов язйойла, цуьнан паччахьалла хьан паччахьаллел а лакхадоккхийла“. ТІаккха Дауд-паччахь ша меттахь волччохь охьатаьІира царна. Дауд-паччахьо иштта дешнаш элира: „Декъал ву Веза Эла, Исраилан халкъан Дела, тахана сан кІант сан метта паччахь хилла охьахууш суна гайтина волу!“» Ткъа шолгІачу дийнахь халкъо Везачу Элана сагІина деана дийнаташ дайира. Цара дийнаташ дагоран сагІанаш а дохура. Цу сагІина юкъа деара: эзар эса а, эзар уьстагІ а, эзар Іахар а, чагІаран сагІанаш а. Иштта, Исраил-мехкан дерриге а халкъо сагІина еана кхин дуккха а хІума яра. ТІаккха Везачу Элана хьалха чІогІа хазахетарца юуш, молуш дара халкъ. Цул тІаьхьа Дауд-паччахьан кІант Сулим шозлагІа а паччахь хІотторна къобалвира. Иштта, Везачу Элана хьалха Сулим къобалвира паччахьалла дарна, ткъа ЦІадукъа динан да хилийта къобалвира. Иштта, Везачу Элана хьалха, шен ден Дауд-паччахьан метта, паччахь хилла, охьахиира Сулим. Сулим-паччахь декъал хилира, Исраил-мехкан дерриге а халкъ цунна муьтІахь дара. Массо хьаькамаш а, тІемалой а, Дауд-паччахьан берриге кІентий а Сулим-паччахьан куьйга кІел бахара. Везачу Эло элира: «Цийонан зударий, ца бешаш, кортош а айина, бІаьргаш а кхерстош, курачу боларца когаш тІера зІенаш а екош, лела. Жимачу стага йоІстаг ма-яллора, хьан кІенташа хьан дола дийр ду. Зудаялош верг шен нускалх воккхавеш ма-хиллара, иштта хьан Дела а хьох воккхавеш хир ву. «Стигалийн Олаллехь иштта ду. Цхьана паччахьо шен кІантана зуда ялош той кечдина.
Выбор основного перевода