Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІора а шайн нене а, дега а болчу ларамах вуьзна хила, Суна лерина шоьтан денош а ларде. Со шун Веза Дела ву. Цунна дІабала беза мах цо болх бинчу дийнахь малх чубузале дІало. Иза къен волу дела, и ахча цунна оьшуш ду вахархьама. Иза де, цуьнга Везачу Эле Іаткъам а байтина, шайх къа ца хьарчийтархьама. ХІунда аьлча вай дерриш а Дала леррина Къобалвинчун кхелана хьалха дІахІитта дезаш ду. Вайх хІораммо а ваьш кху дегІа чохь дехачу хенахь динчуьнга хьаьжжина, дика я вон и делахь, доггІург схьаоьцур ду.
Выбор основного перевода