Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу хенахь дуьйна Іийсас Шен мурдашка дуьйцуш хилла Ша Ярушалайме ваха везарх а, цигахь Шен баккхийчеран а, динан коьртачу дайн а, Іеламчу нехан а карах бала хьега безарх а лаьцна. Цо иштта дуьйцура Ша вийна хила везарх а, амма кхозлагІчу дийнахь веллачуьра денвала везарх а лаьцна. Иза цара вуьйр ву. Амма кхозлагІчу дийнахь Иза денлур ву». Цуьнан мурдаш чІогІа гІайгІане ийгира. Иза, дІа а вихкина, мехкан куьйгалхо волу Пулат волчу дІавигира цара. Цо элира: «Адамийн КІантах иштта хила дезар ду: Цуьнан дукха баланаш лан дезар, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха Иза тІе ца лаьцна хила а дезар ду, Иза вийна хила а везар ву, амма кхозлагІчу дийнахь Дала Иза веллачуьра денван а везар ву». „Адамийн КІант къинош летийначу нехан кара дІалур ву, жІарах дІа а тухур ву, амма кхозлагІчу дийнахь денлур ву“». Цо элира цаьрга: «Яздина ду, Дала Леррина Къобалвинарг бала лан а, веллачуьра кхозлагІчу дийнахь денвала дезаш а ву аьлла. Іийса Делан лаамца а, Цунна хьалххе гуш ма-хиллара а, шун кара дІавелира, ткъа аша дин доцучу нахе, жІарах дІа а тохийтина, вейтира Иза. ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а, вайн дайн а Дала сийдеш айина Шен ялхо волу Іийса. Амма аша Иза вейтира, Пулатана хьалха Цунах дІа а къаьстина, цо Иза дІахеца сацам биннашехь а. амма Дала веллачуьра кхозлагІчу дийнахь денвира. Іийса Делан лаамца нахана гучувелира. Иза дІа а воьллира, ткъа кхозлагІчу дийнахь, Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара, ден а вира.
Выбор основного перевода