Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Берриге а ницкъийн Везачу Элан кемсийн беш – иза Исраилан халкъ ду, ЯхІудан халкъан адамаш Цунна хазахетта йолу таьллангаш ю. Иза нийсо хиларе хьийжира, амма ницкъ бар хилира, бакъдолчуьнга хьийжира, амма бакъонаш йохор хилира. Кхин а цхьа хьекъале дустар далийра Іийсас ладугІуш болчарна: «Стигалийн Олалла иштта ду. Цхьана стага шен кха тІехь дика хІу дІадийнера. «Шуна муха хета? Цхьана стеган ши кІант хилла. Цо, хьалхарчунна тІе а вахана, элира: „КІант, тахана ваха а гІой, сан кемсийн бешахь болх бе“. «ЛадогІалаш кхин а цхьана хьекъалечу дийцаре. Цхьана шен долахь латта долчу стага кемсаш йийна хилла. Цу бешана гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Іуналлина бІов а хІоттийна цо. Уьш лело белхалой а лаьцна, цІера ваьлла хилла иза.
Выбор основного перевода