Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Цо элира: «Стенах кхоьру шу, Делах кІезиг тешарш?» Хьала а гІаьттина, Цо мохе а, тулгІенашка а омра дира. Цу сахьтехь, цхьа а гІар-тата доцуш, тийналла дІахІоьттира. ТІаккха Іийсас, хьала а гІаьттина, мохе омра а дина, хине элира: «ЛагІло! ДІате! Сацийта!» Мох сецира, цхьа а гІар-тата доцуш, тийналла дІахІоьттира. Оцу зудчунна тІехула а хІоьттина, дагаре дегІах дІакъаста аьлла, омра дира Цо. Дагар дІаделира, и зуда, хьала а гІаьттина, кхарна хьошалла дан йолаелира. Дукхахдолчу адамех жинаш дІакъаьстира: «Хьо Делан КІант ву!» – бохуш, маьхьарий а детташ. Іийсас царна иза ала ца магадора, хІунда аьлча царна хаьара Иза, Дала леррина Къобалвинарг вуйла. Мурдаша самаваьккхина Іийса: «Устаз! Устаз! Вай хІаллакьхуьлуш ду!» Цо, хьала а гІаьттина, мохе а, тулгІенашка а омра дира. Уьш совца а севцина, гонах тийналла дІахІоьттира.
Выбор основного перевода