Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГалІад-махкарчу Тишаб-гІалара волчу Эли-ЯхІу-пайхамаро Ахьаб-паччахье элира: «Шена гІуллакх деш волчу а, дийна волчу а Исраилан халкъан Везачу Делах чІагІо йо аса, хІокху шерашкахь я тхи, я догІа хир дац аьлла, аса омра даллалц». Цхьа хан яьллачу хенахь, догІанаш ца дарна, оцу Іин чуьра хи лекъира. Лаьтта догІа ца догІу кхоалгІа шо долуш, Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхІуга: «Хьо, ваха а гІой, Ахьаб-паччахьна гучувала, тІаккха Аса догІа доуьйтур ду лаьтта тІе». Эли-ЯхІу вай санна стаг вара. Цо, догІа ма даийта аьлла, чІогІа доІа дича, кхаа шарахь а, ялх баттахь а лаьтта тІе догІа ца деара.
Выбор основного перевода