Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалдолчу Элан Са дагца ду Сан, хІунда аьлча Везачу Эло Со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо хьажийна Со дог доьхначарна дарба дан, йийсархошна паргІатдовлар кхайкхо, тутмакхаш набахтера арабаха, ХІара ду Суна лууш долу марха: харцонан гІоьмаш дІаяха, дезачу дуькъан машшаш дІадаста, Іазапехь берш паргІатбаха, муьлхха а дукъ дохаде, «ХІара Сан Ялхо ву, Ас хаьржина волу. Кхунна Со реза ву, Кхунах воккхавеш ву Со. Сайн Са дуьллур ду Ас Кхунна тІе, Кхо халкъашна нийсо дІакхайкхор ю! Цо элира ваийтинчу шинга: «Ваха а гІой, Яхьъяна дийца кхузахь шаьшшинна гиначух а, хезначух а лаций. БІаьрзечарна бІаьрса ло, астагІнаш нийса дІалела, ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерш цІанло цу цамгарх, къорачарна хеза, белларш денло, къечарна хаза кхаъ кхайкхабо. ТІаккха суна стигална юккъехула тІемадаьлла доьду кхин а цхьа малик гира. Цуьнгахь даим болу хаза кхаъ бара, иза Лаьттахь бехаш болчу массарна а баийтина бара, хІора къомана а, тайпанна а, маттана а, халкъана а дІакхайкхорхьама.
Выбор основного перевода