Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Вочу стеган Іожалла тІеярах там хуьлий те Суна? – боху Хьалдолчу Эло. – Мелхо а, шен харцнекъа тІера дІа а вирзина, иза вехаш хилар Суна тамехь хир дара. «Ас байна уьстагІ схьалохур бу, тилабелларг юхаберзор бу, лазийначун чов дІайоьхкур ю, цомгушчунна дарба дийр ду, амма берстина а, нуьцкъала а уьстагІ буьйр бу. Ас нийсонца дажор ду Сайн жа». «Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тІедерза!» – бохура Цо. Ас боху шуьга, лелийначунна дохко а ваьлла, Далла тІевирзинчу цхьана стагах а Делан маликийн самукъадалар иштта хуьлу». Адамийн КІант дайнарг каро а, кІелхьардаккха а веана ма ву». ХІума ца девзаш яьккхинчу ханна Дала бехке ца до шу, амма хІинца массо а адамашка, массанхьа а, лелийначунна дохко а довлий, Шена тІедерза аьлла, омра до Цо. цунна дІахаийла, харц новкъара къа латийнарг нийсачу новкъа ваьккхинчо лечуьра са кІелхьар а доккхур ду, дуккха а къинош дІа а къовлур ду.
Выбор основного перевода